***

Безаман туьйра.

Х1урдан къайле йостуш цу чу кхийдаш,
Жовх1арш лехьош царех кочарш деш.
Лаьмнийн къайле йостуш безулг  доккхуш,
Дешех детех дохкур  ду некъаш.

Стигал кхийдаш седарчий схьагулдеш,
Къайла даьлча стиглахь беттаса,
1аьржа буьйса хьуна серла йоккхуш,
Кхуьйсур ду уьш хьуна когашка.

И хьан дахар дашо малхал къагош,
Ц1арах вага дуй биъна ву со.
Алу латахь, нагахь Дог хьан дагош
Шело иэшахь шовда хир ду со.


Рецензии