***
Ойланаш сан хьоьца йу.
Самах йа г1енах хьо гарах,
Сан Дагна цхьатерра ду.
Хьо дийна хилар ирс хеташ,
Даиман йоккхайийр йу.
Кхолламан совг1ат хьо хеташ,
Хастам беш со йехар йу.
Безамо йийсаре лацарх,
Сан Дагна иэшам хир бац.
Безам сайн жоп доцуш хиларх,
Йоьхна а со хьийзар йац.
Сатийссал цахиларх хьаьстина,
Дог дохош човхийна йац.
Цундела кхоччуш Дог дилла
Хьо вицвеш, со кийча йац.
Кханено х1у дахьар хууш,
Дуьненчохь вайх цхьа а вац.
Безамах Дог къасто лууш,
Хетарехь, цхьа а хир вац.
Свидетельство о публикации №124012902095