***

Баьгначу безаман алуно,
Кхоамза  Дог 1ийжадо.
Къинхетам боцучу замано,
Цуьнан ч1евнаш ца йерзайо.

Хено-м йерзош ца хилла,
Безамо йитина чов.
Замано и йицйеш хилла,
Д1атедеш лазаран ов.

Т1ехула хьийзадеш муонаш,
Даго уьш д1ахьулйийр йу.
Тешаман не1 кхин ца йоьллуш,
Безамах Дог лардийр ду.


Рецензии