***

Ма ловза безаман ц1арца,
Хьайн Даго ловр йацахь и.
Дилха Дог тарло цо марца,
Д1акъадеш пхенашкахь ц1ий.

Хьан синпха тарлуш ду саца,
Ларлуш хьо цахилахь х1инца.
Сан безам ловр бацахь айхьа,
Маг1ерта сан Дагна герга.

Ц1еран серлонна т1ег1оьртий,
Йовхоно шиэ ши т1ам морцуш,
Бужучу полланах терра,
Вужур ву т1емаш дагийна)


Рецензии