Нана

Ас эсехь луьсту сайн ойланийн уьйриг.
Хан-хене мел йолу стамбелла богIу
Дуьненчохь цахилар хьо дагна Iаьткъаш,
Кийрара дилха дог дуткъделла догIу.

Хьан дахар хедаш сан дагтIера доьжна
Зезаг хан йаларх йуха кхиа ца туьгу.
Маржа-йаI, Нана, ма зама хилла-кх,
Хьо дийна йолуш ас пусар цадинарг.

Ден марзо иэца сан таро ца хиллера
Хеназа хедаш и кхалхарна дIа.
Делахь а суна суо гIийла ца хаьттера,
Нана, суо мел хьерча когашка хьан.

Бераллийн хаза хан йахйелла хетара
ГIайгIа дIаиэца хьо мел йеха сайн.
Ткъа хIинца-м Дуьненан чам байна хета
Хьо цхьана йоцучу дахарехь сайн. ;


Рецензии