Безам

Хазачу бух боцчу хьан бIаргийн кIоргенехь
Сатийсамах бух бутттуш ойланийн гIала
Йутту ас кест-кеста хьан суьрте хьоьжуш,
БIаьргашца хьан сирла йуьхь-сибат хьоьстуш.

Хаа сайн сатийсам бух боцуш буйла
Хьан бIаьргийн кIоргенехь и бан йиш йуйла,
Делахь а, ойланаш къар ца луш хьийза,
Хьан суьртан гонаха безамца цIийза.

Хала бу сатийса йиш йоцу безам
Тера бу стигларчу седанах иза
Мел хьежарх тIекхача йиш йоций хууш,
Делахь а синтем луш, хьежа а лууш.


Рецензии