***
Берг хилла дитина сан дагчохь 1ийжа
Йаха хьо къоналла сан чот цайеш
Хьайн маса боларца йоккхуш со гена.
Со кхиъна йацара марзо хьоьх эца
Бовзуьйтуш сайн лаам хьоь кховдо д1а
Бераллин ловзарех 1аьбна а йацара
Мох санна т1ехтилла йаха хьо д1а.
Къаналла т1еэца йац тахна кийча
Делахь а шен амат цо кхийдадо
Х1ун дар-те куьзгана цахьоьжуш йаьхча?
Дагна-м ша даиман къона ма го.
Свидетельство о публикации №124012902019