Дог1а доьлху
Корах лиеташ, ара кхойкху,
Дог1ано чудита боху,
Д1а ца туьйш, и дукха доьлху.
Дог1а чудита со кхоьру.
Х1етте йух-йуха цуо доьху.
Дог1а, ч1аг1луш, карзахдаьлла.
Уьйт1ахь 1аьмнаш алсамдевлла.
Шийла ду и, ду и т1еда,
Палс т1адор бу, татол дедда.
Ц1енкъахь дог1а дахча 1ана,
Ч1ог1а товр дац и сан Нанна.
Свидетельство о публикации №124012803102