Харцонан аренаш...
Сенъелла, г1а даьлла, малхе б1аьрг бетташ,
Бакъонан майданаш, мажъелла, йогу,
Кхаьрстачу ц1аро шайх дог дилла бохуш.
Вай къома г1иллакхаш, лелийна низам
Ширделла ва дог1у, бу цу т1ехь къийсам,
Харц вериг бакъ волуш,бакъ вериг хьийзош,
Замано харцонан г1ири аз ийзош.
Халонаш, харцонаш, къийсамаш кхиош,
Х1ар дуьне лаьттар ду мел деха адмаш,
Амма и цхьа бакъ ду, ду вай цо 1ехош,
Терзанца узур цо кхана вайн къинош.
Харцонан аренаш вай жим я еза,
Сенъял ца кхуьийтуш, серлонах хьегош,
Бакъонан майданех раьг1наш я еза,
Х1орамо шегара цунах жоп доьхуш.
Бакъ вериг бакъ хир ву, низамца лелахь,
Баккъала кхерахь и хин йолчу кхелах,
Ца моьттуш, ву ша кху дуьненан эла,
Кхетта, ша лай хиларх,доккхуш шен эхарт.
26.12.23шо
Свидетельство о публикации №123122604115