1арби мамакаевн сийнна
1АРБИ МАМАКАЕВН СИЙННА
Б1ешераш девр ду д1а дика-вуо хуьйцуш,
Мел зама д1айаларх дог1ур дац де,
Хьакъволу йаздархо, лирик ца вуьйцуш,
Халкъалахь йицйина илланчин ц1е !.. .
Сан Даймохк, хьан лазам шен кийра къуьйлуш,
Харцонаш ца лан луш б1аьргашна гуш,
Йозанах герз дина, зорбане вуьйлуш,
Хьан к1ант д1акхелхина, шен са хьох луш !.. .
Къоначу дахарх, ша, 1ехалур воцуш,
Бахамаш ца лоьхуш йаьккхина хан,
Хьох ваьлча, Нохчийчоь, кхин дуьне доцуш,
Йозанца шен безам битина ган !.. .
Дахар ду хийцалуш, 1аьрби хьо воцуш,
Хьох хьаьгна, хьан к1ант ву - "г1аролехь ден... "
Мах хадо, кхин дустар, хьан меха доцуш,
Дуьненчохь ларйо цуо дех йисна ц1е !.. .
Б1ешераш девр ду д1а некъаш а хуьйцуш,
Хьо хьаьгна парг1ато Дала йу лур,
Амма хьох йисна лар т1аьхьено луьстуш,
Малх санна лаьттар йу, шех лепаш нур !.. .
06. 12. 23ш.
Свидетельство о публикации №123122304059