Вай махкаха дахар назма
ВАЙ, МАХКАХА ДАХАР
( назма )
Буьрсачу 1аьнйуккъехь, бехк-гуьнахь доцуш,
Сихаллехь, т1е-кога йоха хан йоцуш,
Йа, кара схьакховдош, йалтах цуьрг доцуш,
Махкаха дахар вайн, - хезнерий шуна?!..
Г1иллакхийн, 1адатийн йеш терго йоцуш,
Мехкарийн, божарийн ларам а боцуш,
Кегийчех, баккхийчех хеташ къа доцуш,
Г1ум-Азе хьовсадар,- хезнерий шуна?!..
Собарх цхьа ца вухуш: - "Харцо йу !" - бохуш,
Доьналлех ца дуоха сих- дег1ах довлуш,
-"Делан кхел йу!" - бохуш, вай Деле доьхуш,
Хало ловш, бина некъ, хезнерий шуна?!..
Шелвелларг, г1елвелларг - йуккъехьа тоьттуш,
Дег1ачохь йисина син-йовхо йоькъуш,
Зикар деш, шовкъаца къинхетам боьхуш,
Г1ум-Ази д1акхачар, - хезнерий шуна?!..
Вагонаш йассайеш:-" Схьакхаьчна! " - бохуш.
Шийла дарц хьийзадарх, къахетар доцуш,
Йаьссачу аренца, цхьа кечам боцуш,
Лаййуккъе вай кхийссар,- хезнерий шуна?!..
Къонахойн сецна барт хезнерий шуна?!...
Дай-наной, кегийрхой гуо йуккъе лоьцуш,
Шайн дог1мех ога деш, коьртех тхов къовлуш,
Г1уранах баха, барт, - хезнерий шуна?!..
Къизачу г1урано, шайн дог1маш лоцуш,
1ожалла т1еоьцуш, йухбовлар доцуш,
-"Хьо везар ч1аг1делахь! Йа Аллах1!" - бохуш...
Турпалхой г1уорабар, - хезнерий шуна?!..
Саццанза дог1у луо делкъенга даьлча,
-"Г1уоронза цхьа хирвац, схьавало!" - аьлча,
Са - д1алуш, ларбина, дийна нах байча,
Турпалхойн дина сий - хезнерий шуна?!..
Т1аьхьенна -"Турпалхойн Доьналла!" - гойтуш,
Г1орийнчу турпалхойх оган кеп йойтуш,
"ЛИЙРБОЦЧУ ТУРПАЛХОЙН ОГА !" - ду бохуш,
Казахаш дина чурт - гинерий шуна?!..
Син-ларам шу хирбу муьлххачу хенахь!
Шу кхиош хьегна къа эрна дац нехан!
Хан-зама мел йели доьхур ду Деле,
-" Сий ларам хулийла шу динчу ненан! "
Шу къина йоьлхийла дог1анах мархаш,
Мел йелхарх байлур бац кийрара бала,
Къизаллехь г1уорийна шу къона дог1маш,
Г1азотехь нисдойла кхоьллинчу Дала!..
15. 01. 21ш./15. 11. 23ш.
Свидетельство о публикации №123111906617