Уггар т1ехдика!
Хьажа-х1отта йовхатар йоккхачу стагана,
Маьнге улле хиъна совг1аташ д1аделла,
Хьаьстира иза там а беш къеначу дагна.
Ва, ма безаме а йуь-кх, хьан йеха ч1аба,
Къоналлехь хьо т1еххаза йара ма бахар,
Алахь, хеттира ас, сий долу, хьоме Баба,
Маре а ца йодуш, х1унда даг1ийти дахар.
Суьйренга кхачарха, йехха шерийн йорта,
Шек йац хьаьнг-хьаьнга а маре ца йахана,
Элира цуо йолуш, захалонаш дара шорта,
Дуьйцур ду хьуна, цхьалла йисна бахьана.
Жима йолуш бара, дукха нах т1ехьийзаш,
Деший-детий д1аэца, йола бохуш доьхуш,
Корта бацара царах цхьаьннах а хьийзаш,
Сайн дагахь уггар т1ехдика к1ант лоьхуш.
Цхьана дийнахь шовдане хи дан со йахча,
Даго лехна к1ант вара мерза суна воьлуш,
Амма довзар-м дах ца делир, д1ахьаьжча,
Иза а хиллера, уггар т1ехдика йо1 лоьхуш.
Х1етахь дуьйна хьоза санна ахб1ешо даха,
Ши шо хьалха везнарг гира айса сатийсина,
Элира цуо ма дохковаьлла хьоьлла дикаха,
Т1ехдика йо1 а лоьхуш кураллаш кхиссина.
Ишттаниг жима йолуш дуьхьал а ца велира,
Хала а хета тхан тачанаш вовшах ца кхетта,
Безам боцун мареллах жимчохь дог делира,
Догц1ена дуьненах чекхйаьлла, дика а хета! (С) 08.11.23.
Свидетельство о публикации №123110906949