Къонахий бу!
Мохк а, мотт а, сий а, стеган т1амарца хила деза,
Царах цхьаъ къастийча важа шиъ дов лар йоцуш,
Уггаре а лераме къоман баххийн бух ларбан беза.
Цхьа ладамалла оьшу х1анна а ша вацахь эг1аза,
Къинхетаман шовда хила деза дагчохь ца лекъаш,
Цуьнан зов сацахь, воьду долчу дуьненан оьг1аза,
Дайш йоьг1на мехалла ца хилча даима а хьекъаш.
Вайн къоман ду-кх хьаша-да т1еэцара деза лоруш,
Из лара виеза олуш хьехна вайн Дайшна лаьмнаш,
Комаьрша хьошалла деш, мацаллех хьалха дохуш,
Эзаршеран хилла вай г1о лоьхуш долун къаьмнаш.
Цкъа мацахлера т1ебоьжна, халоно лоьхкуш дера,
Шен хенна ц1а баха ца хуу, хьешийн х1уьнан наха,
Олуш хеза цкъацкъа, дукха хьалха, адам кхиндера,
Тахана къоман къонахий вуно хала хила мега лаха.
Цу тайпа хабарчийн туьйраннах г1уллакх дац теша,
Дика хаьара вайн Дайшна, турпалхойн масал гайта,
Мохк ларбан хадам болуш, мостаг1аш луьра хьеша,
Бухц1ена т1аьхье йуь цера маршонан ц1е ца йайта.
Даймохк безара ду д1аийна, къонахчун шен ц1ийца,
Тахана а синош ца кхоош, цуьнан к1ентий бу г1атта,
Къоман тешаме г1ароллаш бу буьзна майраллийца,
Денна а буса а вай мохк ларбеш кийча болуш латта! (С) 03.11.23.
Свидетельство о публикации №123110307810