Лаьа!

Йист йоцун стигал, лаьа хьалахьада,
Аьрзу хуьлуш маьрша х1аваъ мийла,
Бакъо йац аьлла, вайн  маттаха хада,
Чекхбуьйлу шийла мохь тоха г1ийла.

Г1арабаккха хьоме мотт, бу иза беза,
Йуьзайе шорта, хьайн луг1атан ботт,
Ц1ийца, ц1ена д1абоьлла хила  беза,
Ша нохчо ву бохучунна, къоман мотт.

Дозаллийца, воккхавеш шерра бийца,
Сийлаллин Ненан мотт мерза хастош,
Мах боцу, т1еххаза жовх1ар ма хийца,
Нохчаллин васташ хьайх д1акъастош! (С) 25.10.23.


Рецензии