Хьоме мотт

Сан кхетаман шатайпалла ду Нохчаллийн амат,
Ворх1е а дайн ц1ена 1адаташ, д1аийна ц1ийца,
Нохчийн мотт, хьоле хьонсар, хета деза ни1мат,
Ирсе ву, иза болуш сирлачу сайн къоман бийца.

Нохчо мила ву а мел ву а Ненан матто къастадо,
Даймохк ца беза-кх, иза ца буьйцучунна даггара,
Энжедо шен хьоме маттаца гергарло ца латтадо,
Хийрачу меттан дешнаш ойланза сеттадеш гара.

Шен хьоме мотт боцун къам дац хила а ца хилла,
Т1епаза д1адайна хьоме мотт  байина къаьмнаш,
Х1ора халкъ, цхьацца х1уьнах-диттах хьалхилла,
Ненан мотт лар бе бохуш, хьехна вайна лаьмнаш.

Чекхавера ву муьлххачу ц1ергахула, шеко йоцуш,
Хьоме мотт-х1айкал делла Нанас аганчу виллича,
Деши делча хуьйцура дац хаза совг1ат бендоцуш,
Нохчаллийн васт дов шен маттан тешнабехк бича.

Дависса-кх, хьоме мотт, жимма а говза велахьара,
Ма йузор йара-кх т1еххазчу дешнашца хьан кхаба,
Хьоьца болун  безам д1абелла, пох1ма  делахьара,
Ма г1еллура вацар со, дуьненан из д1акхайкхаба! (С) 01.10.23.


Рецензии