Гуьйренан туьйра
Шар-шарахь хама бо, тав-беттан хазаллийна,
Х1ора са долчу х1уманна боьллу цуо шуьйра,
Даймехкан къорза куз токхонаш схьайиллина.
Гуьйренан исбаьхьаллех къонделла лаьмнаш,
Бай т1аьхь г1ург1езаш, дайн халхар хьийзадо,
Тхиш легош доканан дуткъачу эг1аза гаьннаш,
Меллаша д1асалестадеш дургленаш ловзадо.
Д1акхидадо буппалгшна ц1ен хорханаш датто,
Чухьоьжуш дахкаран 1омана детиха куьзганна,
Шен хьорматаш охьаэгадо сешна кхуран дитто,
Зуьнаш а д1аьмнаш а гуо бина 1ожан оьланна.
Д1ахьерчайо маша-речъа гезго, набаре уьхуш,
Тарсало б1араш д1алехьош харане чукхоьхьу,
Чано чухьоькху моз, тоьлане д1айожа а уьхуш,
Зингаташ т1ах-аьлла туьйлиган поппар хьоьху.
Аьхкено шех тешийна жил1аламан верасалла,
Хьаьжжина т1аламе д1акхоьхьу гуьйрено атта,
Цхьадолун олхазарш оьшу къилбехь д1алалла,
1а доккху дийнаташна деза, доладеш т1елатта.
Зазанаш схьакегош, хьовзабо корта б1аьстено,
1а даьккхин эса санна, ойланза д1а-схьа идош,
Хилларг а дерг а зуьш жам1 х1оттадо гуьйрено,
Можа г1а-патарш 1енош хьекъалалла кхийдош! (С) 23.09.23.
Свидетельство о публикации №123092405183