Керла школа
КЕРЛА ШКОЛА
Сатуьйсуш лардина т1екхечи де,
Дашочу гуьйрено хьоьстуш,
Керлачу школано гулди вай т1е,
Х1оранга маршалла хоттуш.
Тхан школа къаьстина дика йина,
"Баркаллах1"- йайтиначарна,
Берашна и аьхна хила лиъна,
Г1улкхдина къахьоьгучара.
Тоьллачех куьгалхой кху школехь бу,
Хьехархой цхьаъ-цхьаннал г1оле.
Кху школехь хьекъале нах кхуьур бу,
Уьш кхиор дуьллийла йоле.
15. 09. 23ш.
Свидетельство о публикации №123092207242