Ч1ИР
Ч1ИР
Дахарехь дика-вуо вовшашца х1оттало,
Дагчуьра ца йолуш йаьккхина хан.
Ца лехна бала а, сингаттам 1оттало,
Ницкъ боцуш вуьтуш хьо г1алат нисдан.
Сан дийцар ду шуна довзийта йаздина,
Цхьа г1ийла-мискано мел лайна вуо,
Мог1аршка диллича, мелла а дайдина,
Х1етте а ла-н ца луш дан доцу г1о.
Х1инца-м и къанйелла, б1аьргийн нур г1елделла,
Хенаца тишделла дег1ера куц.
Месаш а сирйелла, сингаттам совбаьлла,
Цамгаро д1аэцна цуьнгара ницкъ.
Шерашца къийлинарг зуламе дерзале,
Хьаьвзира йерзайан шен деган чов,
Зама д1айалале, эхарта йерзале,
Лийхи цуо дерзондерг хенара дов.
Шен деган чов йаста къастийнарг цхьаъ бен вац,
И гаре сатуьйсуш йехаш йу и,
Уллора ца вовзарх, цуьнга бен дуьйцур дац,
Цуо дагца къобал веш Ваха бен вац.
Оьздачу дех-ненах схьаваьлла хиларна,
Доьхначу дегнашка хьожуш ву и,
К1орггера бусулба дин девзаш хиларна,
Чов йерзош, дов дерзо хууш ву и.
Хийла цуо дерзийна дов наха дийцича,
Хашханов Вахега туьйсура са,
-Хьо гаре сатуьйсуш йу, - аьлла, дийцича,
Вахина лиънера и миска ган.
Б1аьрса а г1елделла, г1оранах эшарна,
Т1евеъча хаьттира: - Хьо Ваха вуй?!
"Ву..." - аьлла, деллачу цу жоьпах тешарна
Вахега хаийти дан дехар дуй.
Шаьшшинне къамел дан парг1ато луо, - аьлла,
Йаьстира, Вахина, кийрара хьу.
-"Сибреха дигначехь, сайн даго къасторна,
Маьржой к1ант, кхолламна, хаьржира ас...
Г1иллакхца, г1уллакхца беркате нах хилла,
Йоккхайеш кхолламах лелашшехь со,
Ирсечу дахарна, хетарехь, б1аьрг хилла,
Дец1ера деана кхечира вуо.
Маларах кхетаро йуьхь1аьржа х1оттаво,
Кхетамчохь ша хилча ца даьндерг до!
Дахаро велаво, дахаро велхаво,
Хан-зама хийцалуш вуо диц ца ло!.."
"Ши ваша кхечира со йолчу х1усаме,
Меллачехь, г1улкхдоцуш дуолийра дов,
Марда схьакхечира топ эцна, - "х1усамден",
Ши ваша вуй хиъча ца йи цо чов.
Бехна буй хиъча уьш, питна ца далийта,
Машаре дерзадан г1оьртира дов.
Тоьшшуьйтуш, т1екхаьтта, топ схьа а йаьккхина,
Цара герз дожийра, дагна йеш чов!..
Шайгара топ эцна, уьш къайлабевлира,
Х1оттийна сан кертахь къематан де,
Бехкбоцуш вийначу берийдех йаьккхира,
Шайн куьйга тасарца йоврйоцу ц1е.
Тезет д1адирзича, мардас чукхайкхина,
Элира: - Хиллачун хьо бехке йац!
Сан кийрахь йогу ц1е шен куьйга йайъира,
Аларца: - Хьо берех ас йоккхур йац!
- "Некъ маьрша буьтур бу вежаршна т1екхача,
Гергарло леладан хьан бакъо йу,
Бакъо ас йуьтур йу кхин х1усам лаха а,
Со мел ву берашка со хьожур ву ... "
Амма сайн марзхошна ойла т1ейерзарна,
Дец1ера гергарло хадийра ас,
Сан мардас далийнчу г1иллакхе йерзарца,
Йуьртахой гича а букъ битти ас.
Кхин и дов ца хьахош, йа сан дог ца дохош,
Эхарта вирзира к1ант вийна "Да !"
Ша велча, шен несе бехкаш ма дахалаш, йиталаш,- аьллера, - Шен бала лан...
Хийлазза вежарий холча а х1иттина,
Некъ лоьхуш лийлира суна т1****,
Маларан ледарло царна т1ехйиттина,
Эхарта берзийти ца лууш ган.
Мел хилларг , мел лайнарг шерашца хьулделла.
Куьг бехке хиллачух цхьа дийна вац.
Дахарехь шерашца дика-вуо гулделла,
Т1аьххьара дехар ду сан хьоьга дан.
Бехк боцчу т1аьхьенна йукъахь дов ца дита
Дерзадан лууш йу, барт йукъахь бан,
Биъна дуй хиларна,- царна, ч1ир ца йита,
Хьоьга ду сан дехар масла1ат дан.
Луралла т1ехьхилла нах Вахас г1овттийра,
Хилла дов дайдина ца тоттуш д1а,
Цуо барам кечбира, тоьпан г1ирс гулбарца,
Т1е верта тасарца къевлина д1а.
Жима а, воккха а б1аьргара хиш эгош,
Бехкала бахарца баьхкира схьа,
Х1оттийна сурт дуьйцуш, йуьртара нах боьлхуш,
Барт хилла вовшашца, ч1ир йирзи д1а.
Сингаттам байбелла, сапарг1ат даларна,
И миска йирзира эхарта д1а,
Кхалхале цуо динарг мехала хиларна,
Ас дийцар довзийти син-ларам бан.
10. 09. 23ш.
Свидетельство о публикации №123092207222