Ер юй теш б1аьсте

Седанах тер дуй теш хьан деган хьелаш?
Я лелха дохку теш, хьан деган пхенаш?
Ойланаш юй теш хьан,  малхал а серла?
Я бода хоьтти теш, йуьллуш а чилла?

Сан даго,  дуьнене бахам ца боьху,
Кхачам а хир бара, к1естича бода.
Я нахехь сан даго син-тем ца лоьху,
Лааркха адмашлахь, адмалла хила.

Дуьненахь малх кхеташ, я йолуш б1аьсте,
Сан дог а ца долу чиллех а к1аьсте.
Х1ун лоьху ца хууш, син-тем а байна,
Лела со боданехь, серлонах вайна.

Хал ду теш, адмашлахь, цхьаъ хилла ваха?
Оьши теш хьан деган, ша тайпа даха.
Дист а хил, х1ун оьшу схьа алахьара,
Сан са а ца хьегош, заз хийцин далхьара.

Дог дилла деза теш, ас б1аьсте яларх?
Сан  дахар доьрзу теш боданехь д1а?
Оц хаттарн жоп дала, говзалла елир а,
Боданехь к1естина, б1аьсте со валхьара.


Рецензии