Жималла, ма сиха ду хьан болар!
Сан дагалецамаш вуьгу со пана.
Хьере шен боларехь д1а доьду денош,
Тиш луш ду хьо кхиин жималлехь ц1енош.
Х1ора а зама ю шен чам а болуш,
Жималехь вилинчух, «воккхаллехь» воьлху.
Х1ун хир ду ца хууш, ахь тохур лелинчух,
Хьере шен мехьарца хьан дог ду доьлхуш.
Уггара доккха сан жималлин г1алат,
Воккха хила са туьсуш, ас ехьна хан.
Дависа, елира жималла ерзалуш,
Кхоччуш ас бийр бара бераллин хам.
Дахаран некъахь хьо мухха а хиллехь
Хьан леккхар, я лахар хадор бу мах.
Массо а адамийн дог дац хьун эцалуш,
Х1оранна ша тайпа йуьту ахь лар.
Хьере шен боларца хан чаккхе йоду,
Суна а леаркха сайн ях я хан.
Х1етте а, эхь хета и Деле еха,
Х1ун хеа, йоьхур ю кхечунна хан.
Свидетельство о публикации №123090800084