Тахане

Тав-батто башха кечъйина, суьйре йелакъежа,
Ц1арула ц1ийбелла дашо малх тийна чубирзи,
Буьйса йоьлча, дато батте  г1ийла хьалахьежа,
Бух1а кхайкхича сира ойланаш коьртачу йирзи.

Кхолламо бакъ долун ирсан тача гойта г1ерташ,
Идаво дуьненчу г1айг1анца хьерчош хазахетарг,
Гуттарлера таханенна ларам буй  б1аьрг бетташ,
Хичаш йоь мекара хаъ г1ерташ сан дагна хетарг.

Маь1нехь дац кханене сатийсар тахане йицлуш,
Сиха вала виеза дуьненан, сайн  безам д1абала,
Абаден х1умма а дац зама йуь даима хийцалуш,
Шабар-шибар до махо мел долу х1ума чекхдала.

Мац-цаъ д1а дера ду дерриг г1аларт-г1ан санна,
Сан оьмрехь хира бу г1ум-арен б1арлаг1ан к1ур,
Вуонах-диканах, эшамах-тоамах соьца а цхьана,
1ожаллин къинхетамзачу кахьаро тосур ду х1ур.

Селханен баркалла бохуш хьоьсту къона  тахане,
Дагардеш д1ауьду шераш, ма-хетта кегайеш чан,
Воккхаво таханлерчу денна, йаре хьоьжуш кхане,
Хадарна кхера ца кхоьруш лама сан  дахаран хан! (С) 03.09.23.


Рецензии