Дуьненах кхетта
Халоне вар аьтто боцуш х1о волчу д1акхача,
Хьо цагуш хан йалча, синтем буьйлу астаг1а,
Дукха хан йуь бекъаза хьоьца ойланан кхача.
Инзаре дуьненан 1илманнах, бойтуш тамаш,
Кхолламо х1оранна шен-шена схьахоьржуш,
Эвхьаза кхийдабо б1арлаг1ийн сатийсамаш,
Доьг1начуннаха вай реза хуьлийла хьоьжуш.
Дахаран сахьташ, замано т1емаш даржийна,
Д1алоьхку, ца дуьтуш гуттарлера таханенна,
Кхело тахане бен йац вайна д1асайаржийна,
Д1адахначунна весет хаац муха ду кханенна.
Догц1еналлах са дузо дезийла, х1уо кхетахь,
Доллучу дуьненан безам д1асабекъа даггара,
Кхаж боьжна, айхь лехна ирс дуьхьалкхетахь,
Къовла хазахетаран хин т1адамаш б1аьргара.
К1оргенза вуйла хиъча а, ши б1аьрг биллича,
Вуьзча хьайн ваша гича а, хьайха д1аверзара,
Доттаг1чун мекарло а, мостаг1чо д1айиллича,
Х1етте а сонта ду гома дуьненан т1екъерзара.
Дуьне харц ду олу, хьажо-п1елг ирах1оттийна,
Цхьаволчу стага хьекъаланна энжеде велахьа,
Исбаьхьчу дуьненан х1ун бахьанаш х1оьттина,
Доцург баха, нах харцо йуьш-хьокхуш белахьа.
Дуьненах кхетта, х1уъа хилча а вац цецволуш,
Беттан бус духалору аненан деган деттадалар,
Къоналло дика хьошалла дина д1а ца лоллуш,
Къаналло д1авехахь а хьулдийра ду дог далар! (С) 31.08.23.
Свидетельство о публикации №123090106111