Дар ма ло
Куьзгана хьоьжуш, шийла мохь боьттуш,
Тем боцуш, дуьмеш хьоькхуш хебаршна,
Жималла мича сихйелла бохуш хоьттуш.
Хьайна йуьхь т1ехь сурт ахь атта дуьллу,
Хуне басар лууш даима а шардеш латто,
Зудчун х1оттам гуттара а астаг1а буьйлу,
Мало йаьхь йантор синхьажам схьасатто.
Х1ора зуда йуь безаме сий дайна йацахь,
Басаро а, духаро а ца йо, мел лаарх хаза,
Нохчийн ламасташ лерин 1алашо лацахь,
Муьлхха а зуда йуь-кх, шен къоман хазна! (С) 20.08.23.
Свидетельство о публикации №123082006343