Да воцуш эшам
ДА ВОЦУШ ЭШАМ
Хийлаза нийсархой Дай бийца х1иттича,
Суьйренца Дай болчу х1усмашка бирзича,
Ирс хеташ хьоьжучохь со хийла висина,
Ца кхеташ, дех хьега со х1унда кхоьллина.
Г1о иэшча дагвала, сайн цатам д1абийца,
Халонехь висча со, нийса некъ хьехийта,
Кхачам берг, йа боцург - сайн Дега хаийта,
Йиш йоцуш буьйсанаш г1айг1анехь йайъина.
Ден хилла доттаг1ий, со волчу баьхкича,
Ден хилла доьналлех, къамелаш дуолийча,
Коьртера сингаттам сайн дагчу берзабеш,
Дош лора, нисвала, Ден г1иллакх лар а деш!
Хан-зама д1айаьлла. Ден хене вирзина.
Ден ц1арца галбевлла, хийла соь кхайкхина.
Де хилла аматаш, наха сох дуьстича,
Хетало: Велла вац!.. Да, соьца вехаш ву!!.
25. 11. 21ш./ 07.05.23ш.
Свидетельство о публикации №123080905982