Абаден безам
Сих-сиха буьйсанна иза ц1изаш схьакъеда,
Чаккхенза 1аьрше хьоьжуш, беттасе хоьтту,
Мичахь бу олуш, сан ирс дохош бигна седа?
Ткъе хьалхар б1ешо шозлаг1а т1ом бахьаш,
Т1едеара гаьурашна къар ца лучу махканна,
Б1аьсте йолуш къам дара саьлнашкахь 1аш,
Мостаг1чуьн йаккхийчу тоьпашха къаьхкана.
Воккхавина тобалкхана сийначу б1аьргехьа,
Хезича адамех къахетта, н1аьвла делхалуш,
1аламо бала бицбина ойлане воьжна г1ехьа,
Хеттира стигал хьалахоьжучу йо1е, велалуш.
Алахьа, цкъа а инзарйолуш хазчу б1аьстенна,
Хьан къайлабаьхьна сатийсамаш кхерстабеш,
Хилли хьо ларамаза безамо ца хоттуш стенна,
Нехан керта чукхоьссина, дера нуй лестабеш?
Иштта забарен вистхилла, къовламен йо1аца,
Къамел тессира жима волуш, ткъа шо хьалха,
Йела а йелла оьзда, меллиш лаьтта хьажарца,
Х1ан-х1а элира цуо, г1олехь ду хилча цхьалха.
Цуьнан хьуламе хаза, зарзарийн аз хеззашехь,
Дог ц1еххьашха 1овжийра безамо 1ов тоьг1на,
Хьоьх б1оболара-м дай ма дац, дожа ма дехь,
Дитахь т1ай, дехара дира ас, хьо гича доьг1на.
Х1етахь ирча харцоно йат1ош балане лаьттачу,
Сан Г1алан урамаш тьема-кеманаш лелхадеш,
Ца хетар къизалла а, 1ожалла а гинчу коьртачу,
Бужурбу аьлла хье лоцуш безам илли декадеш.
Хазчу йо1ан т1ехьоьвзана кхо к1ира д1адаьлча,
Т1емо чулла сов-т1еха безамо корта хьовзийна,
Хан йиллир, кара ч1уг луш д1айига бутт баьлча,
Кестта, х1оьан геригаш йоьжийра йо1, чов йина.
Сихха ден-ненан керта йо1 йеха нах баг1ийтира,
Цултаьхьа т1евехна, дешна стаг лазартне вигна,
Нохчийн 1адатац ма оьшшу хьанала никах дира,
Сайн дола йо1 йерзош, цунна 1уналла да лиъна.
Тийжира итт де, сайн зудчунна уллера ца волуш,
Хьестара цуо со безамах дуьзна б1аьрхьажарца,
Ма даьсса хира ду-кх бакъдуьне хьо улле воцуш,
Аьлла куьг лаьцна д1айелира иза йелакъажарца.
Цхьаъ-бен цахилла йезар, билггал, д1аваллалца,
Йалцманан зезаган аренан шорте мохь хьоькхуш,
Шийла б1аьрхиш охьалегош къемат-де даллалца,
Лела мега г1ийла мичахь ву хьо бохуш со лоьхуш! (С) 20.04.21.
Свидетельство о публикации №123062605710