Ц1аверзар
Ткъа шо хьалха реч1а йоьг1на со дола ваккха,
Сан беза даггара синлаам Дала соьх къахетта,
Кхочушбина тахана ц1аверзийна хьоме махка.
Ма-дукха хан йара лилула сийна стигал ганза,
Шовданан хи маланза, дагчу синтем а буттуш,
Ма-дукха хан йара, со ирсо 1адийна латтанза,
Лаьмнаш гина воккхавеш, логе шад а х1уттуш.
Меллаша д1асецна г1айг1анаш дог къовзийна,
Цецваьлла къизачу оьмаро бинчу хийцамашна,
Сан Дай баьхна йуьрта, эхь хеташ ца йоьвзина,
Къахьонца т1ехьоьжуш шорделлачу кешнашна.
Зарзаро ц1аверзар даздина, хесторан эшарца,
Суна мара а кхетта, махо д1асадаржийна дохк,
Дехардеш бакъ долу ирс ц1ахь хилар тешарца,
Д1а ма г1охь кхин, бохуш, д1атуьттуш Даймохк! (С) 19.06.23.
Свидетельство о публикации №123061900566