Йуьй техь!
Хенак1уьран т1ахъаьллачу вотанца, цхьаьна,
Зарзаро кхайкхадо шен йезаран деза хьурмат,
Схьакъеда дато беттаса дела къежаш цаьрна.
Йуьй техь сан хьомениг ца йолуш йоккхайина,
Иштта со санна жил1аламах са малха даьлла,
Олхазарийн г1арано, г1айг1анаш йоха а йина,
Лерса хьоьстуш, г1аьхьа б1аьрг серлабаьлла.
Ларамаза х1оьттина синкъерам, д1ахадалай,
Седарчийн хелхаран дашо х1оз кхиалай боха,
Аьхкенан каде буьйса т1ах-аьлла д1айадалай,
Араваьлла, тамашеначу хиламех б1аьрг тоха.
Йуьй техь хьомениг, мелла а соьга сатуьйсуш,
Вай цхьаьна х1унда дац бохуш ойла йоьлхуш,
Куьйгаш кхийдош стигала со дуьхьал туьйсуш,
Седарчийн гуламехь иза хелха йаккха лоьхуш! (С) 15.06.23.
Свидетельство о публикации №123061500371