Баьццара кортали!

Къизачу эзар исс б1е шовзткъе  доьалг1ачу шарахь,
Чиллан бетта ткъе кхоалг1а терхье, шийла сатосуш,
Ворх1 к1антий цхьа йо1ий долчу ден-ненан кертахь,
Ц1еххьана г1овг1а йелира, ч1ог1а тоьпаш кхуьссуш.

Оьрсийн салтий чуг1оьртира г1ончакхе наь1 цестош,
Чаг1алкхийн йист йоцун гуьлан к1оршме ц1ог1ашца,
Нохчий ц1ера бахар, 1едалан сацаман  кехат лестош,
Араозийра дай-наний набарх доьвла жимчу берашца.

Луьрачу эскаро ломан йуьртара нах вовшахтуьйхира,
Киранийн машенашна т1е сал-палца сиха хьалабаха,
Г1елонан эпсаро сонта дезадеттарца, мохь туьйхира,
Омра дорсош зударшна, нохчийн йовлакхаш д1адаха.

Цхьа къенастаг шаьлта йаьккхина цунна т1ехьаьдира,
Вожийра иза сиха, салтеш цхьабоьсса тоьпаш тоьхна,
Доьзалша ца х1аллакбайта шай корталеш охьадехира,
Ломанан зударша кхаьхьа баьрхиш лаьттах д1атоьхна.

Ворх1 вешийна дейтта шо бен доцун йишас ца йуьхуш,
Баьццара кортали, аьрхачу коьртара  д1а ца даьккхира,
Омра кхочуш дан деза бохун, эпсаранна ц1ог1а уьхуш,
Йо1е хьайга бохург де, лулахош доьху  ахсахьт текхира.

Майрачу йо1ехь ч1ог1а цецвуьйлуш эпсаро къарвелла,
Кхечу киранан машенан берашца дай-наний т1едигира,
Лулахойн доьзал сиха а бина мохь хьоькхуш  дарвелла,
Уггаре хьалхара киранан машен ша йуьгуш, д1абигира.

Нохчий йуьртах д1абохийна г1урачу ч1уг етта некъаца,
1аьржа машенан ковра меллаша, кхоьлина  д1атекхира,
Ц1еххьана, хьалхараниг чкъурган ц1ийзачу г1овг1анца,
Нехан шийлачу маьхьаршца к1оргачу бердах чуиккхира.

Мацалла а шело а эшийра Сибраьхь барт болу  доьзало,
Хан йалча, нисделира маьрша  шайн лома йуьхаберзара,
Дагалоьцуш нохчийн зударийн йовлакхан динчу дозалло,
Цецйаьккхина 1ожалла, йоха а йоьхна бердах чуйерзара! (С) 10.06.23.


Рецензии