Раг1
Адам ду шен-шенан, йиста йоцун раг1 тилош,
Цхьа а т1аьхьа ца вуьссу хьалха а ца валало,
Меланаш йан къинош лехьош четахь къилош.
Азаленца уьйр йолуш х1умма а дац дихкина,
Вон а дика а доцург гома даима къиссадалар,
Къевкъаца кор декош дог1ано ара кхайкхина,
Д1аделла бахьана, олуш, бала баьрче балар.
Хеттира цуьнга, коьрталазам къахко хьоьгуш,
Хира дуй техьа г1оза аганчу йаздин сан йоза,
Тап аьлла дог1а д1атийча, дала жоп лоьхуш,
Мархаш д1алоьхкучу бетте, ойла д1ахьоьвза.
Беттасе мохь туьйхира г1айг1а цуьнца йекъа,
Сан раг1 т1екхачалай аьлла кхуьур вуй техьа,
Деган йовхо, сайна дукхабезачарна д1айекъа,
Церан баланаш лаьхкина, ворх1 ломал дехьа.
Уьнт1апхьид-зама жималла байлахь д1атесна,
Д1ауьху меллаша тийначу къаналле текхавеш,
Сих-сиха карзахдолу дог хийцамашна сатесна,
Са к1амделла дуьхьалдаха царна, доккхадеш! (С) 02.06.23.
Свидетельство о публикации №123060204688