К1удал
Ц1ечу мачин лекха к1ажаш детташ,
Лела йо1, ц1еста к1удал техкайеш,
Къайлаха сан корах б1аьрг бетташ.
Кхоьру товш йо1 сайна йезайаларна,
Хьалххе хаьа, х1ун хира ду т1аьхьа,
Кхоьру безамо реч1ане чулалларна,
Синхьовзам хиларна дукха къаьхьа.
Цкъа хестош, йуьха човхайеш ойла,
Безамо вохаво г1айг1ане вожавеш,
Синтем хьошуш, ма-луъу деш дола,
Карзахдаьлчу дагчу, бала божабеш.
Тамехьа шурул к1айн духар духуш,
Ца вогу, йо1ан хьалхахь д1ах1отта,
Наггахь ца гуш цунах б1аьрг тухуш,
Хазчу къамелаца хьовзабеш корта.
Безаман ишалчу туьгура вац вожа,
К1орга сирхаташ схьаийзо ду хала,
К1еда цуо д1авехахь, ойлане вожа,
Атта дац цуьнан олаллех азатвала,
Чола махмаран йеха коч къегайеш,
Ц1ечу мачин лекха к1ажаш детташ,
Ма лела йо1 со безамах хьегавеш,
Къайлаха сан корах б1аьрг бетташ! (С) 28.05.23.
Свидетельство о публикации №123052804708