Шеран заманаш
Х1орамма а басараш ша-шена схьахаржош,
Гурахь чола, 1ай к1айн баьццарниг б1аьста,
Аьхка ц1ен-можа, 1аламан аматаш даржош.
Воккха а веш муьлхха а хенан амал т1еоьцу,
Аьхка, лоьруш стела1одан беснаш къестадо,
1ай лайн чимаш самукъане к1еда схьалоьцу,
Б1аьста йочанна, гурахь дог1анаш хьестадо.
Самаваьлча сатосуш бух1а г1айг1ане уг1уш,
Когаш1уьйра уьдуш, 1уьйренан тхиш легадо,
Зазадаьккхинчу бешахь, шоршале ладуг1уш,
Маьлхан з1аьнаре ц1ена деши дагчу дегадо.
Мел сиха хиларха ц1еххьана д1атийна соцу,
Малхчубузаран 1аламате даима лаьа хьежа,
Буса детиха бутт гича куьг стигал хьалалоцу,
Маршалла ду хьоьга олуш цунна велакъежа! (С) 24.05.23.
Свидетельство о публикации №123052407905