Д1аяккха куралла
Латторах дахаро дуьззина текх,
1ожаллуо кхачадо дуьненан г1уллакхаш:
1ин т1е ма кхеччинехь, кхачабо некъ.
Ма хьийза куралла дагчу а йиллина,
Лаккхара мискане б1аьргбетташ хьайн:
Хьоранна рицкъ хуьлу, хан тоьхна, диллина
Б1аьстенан зезагаш ца кхуьу 1ай...
Йакъалой д1айолу, цамгар а дуссий,
Стоьмаш га саттийна, лаьттина беш:
Замано, хьовзавой, бердаха кхуссу
- Дин т1ера вуожаво, заь1апхо веш !
Свидетельство о публикации №123051207148