Сан дог
Селасатан хазчу зурмано самукъане хьоьсту лерса,
Ломан х1аваъ муьйлу можачу, баппанан байт1аьхь,
Иэсанна чувоьжна, шовданан хино дахийна баьрса.
Дависса сан дог, хилла-кх хьо тамашена нуьцкъала,
Тайп-тайпана вуон-дика дахарехь хьоьца ду доьзна,
Луьра хало йеъча, ца даьлла хьо гор х1уттуш осала,
Ирс керта доьжча, кураллийн т1орказ ахь ца дуьзна.
Даьхни ца гулдойтуш, хьараманна рицкъанах сайна,
Харцонаха герз дина г1орасизчуна г1ело ца йойтуш,
Мезан хама бийр бу олуш, мозано тоьхна йуь лайна,
Д1авуьгу 1ахь говза со сан дог, вуон некъ д1атоттуш.
Эхь а йахь а бахамах хуьйцуш, ирча лерам ца лоьху,
Воккхаво 1адатаца нийса берина, синхьежам болуш,
Сан оьздангалла а ийман а чаг1делахь хьоьга доьху,
Баркалла, сан дог, иштта тешаме доттаг1 хьо долуш! (С) 21.04.23.
Свидетельство о публикации №123042105005