Къайле

Баьллийн бешахь зевнечу тачихула д1аг1ерта,
Зазадоккху б1аьста йо1аца меллаша ма-хетта,
Чиллано ц1ар-ц1ар до, полларчий улле г1ерта,
Йо1ан боча аз хезча дагчу мерза х1аваъ детта.

Бес-бесар сирла ч1ижан дешнаш олуш лаьара,
Воккха а веш, сайн хаза къайле йо1анна йаста,
Х1етте а кхоьру, цуо бендоцуш х1ан-х1а алара,
Безаман реч1ано  лаьцна дог хала ду д1адаста.

Веза йан ца веза бохуш ойла йуь кегари йолуш,
Пал туьйсуш тийна, йо1е къайлах б1аьрг бетта,
Гоь ца долу х1умма а, амма хетало йо1 йоьлуш,
Вола сих-сиха бохуш шен б1аьргашка иза хетта! (С) 12.04.23.


Рецензии