Хастам бо!
Везанна Дела, соьга хаьттина,
Латта, хьоьвзаш долун хал-ла,
Ахь суна хьалха д1ах1оттийна.
Кховдийра ахь мерза бералла,
Ламанан дог1ане аьхка личош,
Йелла совг1атан догц1еналла,
Дикачу Ден хьехамашца кхиош.
Доьналла дег1аца д1акхуллуш,
Кховдина г1айг1анза къоналла,
Къома г1иллакх дагчу дуьллуш,
Т1етухуш вастана оьздангалла.
Ворсавина бусулбан доьзалехь,
Уггаре нийса дин ахь суна дели,
Воккхавина 1илманан хазаллех,
Хьекъалан къаналле некъ бели.
Даймахкахь парг1ат ахь вахаво,
Г1ийлачарна х1илле ца дойтуш,
Хьарамчу даржаха говза ларво,
Къоьллана йийсарал ца гойтуш.
Везанна Дела, б1аьрхица тийна,
Хастам бо хьуна ас х1ора денна,
Къинтера валалахьа къаьсттина,
Цецваларна исбаьхьчу дуьненна! (С) 15.11.22.
Свидетельство о публикации №123040308029