Доца дийцарш 2
цхьа шиъ вахана хилла буьйсан йетт лачкъба. Неха божал чу
ваьлча йетт ца бигийта шех муш хьарчийна хьоьвданчу 1уьллуш
казах гина, вист хила а ца воьхуш реза воцуш схьакъерзаш.
Щаьлтанца цуьнан карар муш а хадийна, цхьана къонахчо
шен накъосте : - Хьажалла, хьажалла цуо къерзо и б1аьргаш!
Вайн нохчий шайн б1аьрга ба ма ца беза кхарна! - элира боха. (С)
****************************************
2. Базаран дийнахь, дуккхачу нахан йуьккъехь хьийзаш волун цхьана
стаге мохь тоьхна шен йезачу машенчуьра схьахьоьжучу цхьана зудчо:
- Хьажахь, х1е-ей, стаг! Хьо 1аббаз вуй?, - аьлла. Стаго:
- Де-ера ву-кх! Вай, хьо мила йуь, суна-м ма ца йоьвза хьо? - хаьттина цуьнга.
- Со де-ера йуь, хьо шиъанчинца цхьаьна каласе итт шарахь пхиъаннаш а
лестош къайлаха хьоьга б1аьрг биттина Товс, - ма аьлла зудчо.
- Ва-а Товс, хьо йац иза-а?! Ма ч1ог1а хаза хета суна хьо гуш! Муха воьвзира
техьа хьуна со? Ткъе пхиъ шо д1а ма даьлла ишкол вай чекхайаккхина!, - олуш цецваьлла 1аббаз.
- Хьан мокхачу кастомах воьвзира, 1аббаз, кастомах воьвзира! - аьлла, йелайеллира боху зуда. (С)
****************************************
Свидетельство о публикации №123040307920