Б1аьрг бетта
Буьйсан седарчийн стигал тийна б1аьрг бетта,
Нахаха мелла а цецваларха гамо йац цхьанца,
Кхетаман хьаст массера а цхьатерра ца детта.
Йоьду хьо зама полла хилла сиха ца луш говза,
Дийнахь а буса а меллаша т1емаш дай лестош,
Ала гахь хьайна экаме безаме, со волчу хьовза,
Эг1аза хуьлу дог, дацахь исбаьхьалло хьестош.
Къомаьхь ду-кх олуш хазчу дашо лам башийна,
Иштта боча а, довха а муьлха дош хилла техьа,
Лам т1е а ваьлла лохур ду иза, мало хьашийна,
Карийча кхайкхадеш аьрхачу йезаре, хил дехьа! (С) 01.04.23.
Свидетельство о публикации №123040100332