Дезде
Г1овг1а, зударий дезде ду олуш йаьлла,
Х1унда хетало техь ишттар терахь деза,
Зуда 1ехо панамахкахь иза даздо аьлла?
Денна а бан безар вай зударшна хастам,
Ца кхоьруш лераме мерза дош дожарна,
Ц1енна кхерч латто церан болуш латтам,
Т1аьхьенан вайн къоман мотт, ларбарна.
Догц1ена кхийдош, мор буьззан зезагаш,
Зударийн дезде х1ора дийнахь дан деза,
Совг1аташца деладеш мадаре б1аьргаш,
Къайла ца хьош цараха, исбаьхьа безам! (С) 08.03.22.
Свидетельство о публикации №123033008521