Куьг
Схьакъедош г1иллакхан цуьрг,
Декъазчун хьалхахь д1ах1отта,
Цавашар лалла, кховдаде куьг.
Догк1еда хилча ца хеташ дола,
Совдожарна ма кхера кхо дош,
Тергал бе, г1ийла боьжна гола,
Лацаделла йома тоьхна пхьош.
Сонта бу синхьежам, хьог1аца,
Шийла бендацар дагчу лацахь,
Буо бераца, ваша воцу йо1аца,
Во1 воцу деца, догдика вацахь.
Саьхьаралле ма вайта къовза,
Марсайаккха, комаьрша куьрк,
Лаг а лаце, дозалла де ц1овза,
Д1аделла, берчаш йоьвла куьг! (С) 10.06.22.
Свидетельство о публикации №123032900447