Х1унда?

Марзйелла  хьенна а дог лаца,
Йог1у хьо 1ожалла пе бетташ,
Хьуламан г1ара йоцун 1одаца,
Г1орийна цхьамзанаш детташ.

1ожалла, лууш ву хьоьга хатта,
Къонахий, дог майра г1аролаш,
Х1унда баьхьира ахьа сел атта,
Мохк цаьрга ца байтина 1алаш?

Г1елделла къам, нийсо къийса,
Харцонна а, халонна а садетта,
Йамартхошна хьажадеш нийса,
Сиха х1унда йац хьо 1ад детта?

Аракъедар вац синтем лоьхуш,
Дог  карзах ца далахь, ларамза,
Ца латийта цунах мох лоькхуш,
Бен ца хета 1ожаллин  цхьамза! (С) 21.03.23.


Рецензии