Гуьйре

Бен доцуш, г1аш легош дитташ т1ера,
Д1аг1ерта г1айг1ане йаппарш йетташ,
Гуьйре, цайалла хилла  заманан  къера,
Дог1анан б1аьрхишца, сан кор детташ.

Мокха басарш аренашна т1ехьовзийна,
Йочанашца олхазаран эшарш йохайеш,
Г1арг1улеш маьлхасине  д1ахьовсийна,
Лоьхку цуо йелхош махках д1айохайеш.

Текха иза 1аламан куьцаннах йеш  чалх,
Кхоьлина, оьланан мархаш схьагулйеш,
Д1акъовла дагахь, стиглара  сирла малх,
Лаьмнийн  хазалла, дахкаршца хьулйеш.

Гуьйрено бала хьоьгу бахьана  хаа суна,
Аьрха 1а ду т1ехьийзаш саца ца туьгуш,
Кечдина наггахьлера шен-туьтеш цунна,
Коча олла заг1анна йадийна ша йуьгуш! (С) 05.11.22.


Рецензии