Селхана!
Хьогалла а йоьлла логахь,
Четаран, гича цхьаьххьана,
Т1евеара, чай мала дагахь.
Мера к1ела зурма а, олуш,
Товша жеро йара мах беш,
Кхача кхаьллина со волуш,
Забар йира мекх а дахдеш.
Безаме чуданаш, кечъйеш,
Ахь айхь йаьлахь чомехьа,
Лаьара, хан текха а цайеш,
Йига хьо ц1ехьа хил дехьа.
Уьшша ас айса а кечъйина,
Йа-а мега сом шеко йоцуш,
Элара цуо, ша бохург дина,
Со велахь саьхьара воцуш!
Ц1окан т1епалг д1акхосса,
Чола холхазан куй т1ебоха,
Шога ши этка 1амчу кхосса,
Италийна туплеш т1ейоьха.
Боьмаша тиша кетар йогуш,
Можа хеча а ц1ерга йоьжае,
Кастомца цхьаьна а йог1уш,
Палаш а, хьайна т1ейоьжае.
Йеза ч1уг кховдийна тахана,
Доккха бирллаьнта а долуш,
Салоран шуба суна заг1ана,
Йала хьо хилахь реза волуш.
Х1ара, модехь дуьзна халат,
Ластийна, пенаха д1атоьхна,
Йог1ура йара сом-м, парг1ат,
Ц1енна калош, т1е а йоьхна!
Шийлачу чайнах, къурд бича,
Мохь тоьхна цуьнга ас элара,
Ч1уг а шубий эца таро хилча,
Къонаниг карор йуь, г1алара.
Холхазан куйнаца, кастомма,
Эцахь куравала а ву кийча-м,
Туркой палаш, дикка стомма,
Х1ун дара хьуна, сан хилчам.
Сом-м хьахал вара ристране,
Жижиг-галнаш кегош, вехаш,
Шийла, муьста чуда г1уране,
Буйнахь йохйеш а, ца хебаш!
Калош баьхьйан дац бахьана,
Дашо ч1уганна, хьо ма хьега,
Салор буйна йожахьа тахана,
Кхана ц1ен луо, дожа а, мега! (С) 11.03.22.
Свидетельство о публикации №123032505211