Масла1ат
Д1асаийзо г1елбелла кхена дозан керта,
Вовшенца г1иллакхах а боьхна, долахой,
Къаночун т1ебахана, кхача цхьана берта.
Б1е шо долчу воккхачу стаго, ладоьг1на,
Аьлла, ма х1отта иштта к1оршаме холчу,
Къовсаме лаьттах, къена лерг а доьг1на,
Къастор ду бакъдерг д1авига кхаш долчу.
Къеначу хьекъалчо меллаша охьавоьжна,
Лаьттана лерг ирдира д1атийна ладуг1уш,
Ши лулахо а д1асецира, ойлане а воьжна,
Х1оранниг шен-шена, кхоанна ладийг1уш.
Хьекъалчо дош элира, хьала айъина гола,
Собаре лаьтто д1аала боху, шуха доьлуш,
Цкъа а паччахьашна а ца дахана ша дола,
Шуьшиъ шен долаварна, дац шеко йолуш.
Иза хеззашехь ши довхо бехказа а вахана,
Маракхетта вовшенна, къинт1ера а волуш,
Воккхачу стаган хастам а беш, г1адвахана,
Шайна диначу масла1атах, самукъадолуш! (С) 15.12.22.
Свидетельство о публикации №123032408452