Дагар ма де
К1ента уьш тидаме ца хуьлу,
Эхь а ийман а хуьлу даггара,
Четахь мекарло а ца 1уьллу.
Деший-детий дезаш йаьлахь,
Лур ду дагардан хье г1еллуш,
Хьонк ийзош, к1айчу лайлахь,
Лелар йац хьо когаш шеллуш.
Тешаме стаг лаха ара йалахь,
Со ца харжа, хир дац бахьана,
Къаьхьчу догдаларо къайлахь,
Цхьалле йуьгур йац хьо кхана.
Деза вайн седарчий дагардан,
Зарзараш мукъамаш лоькхуш,
Лелар йац хьо аьхка асар дан,
Йуьхь т1ехь хьацар кхоьхкхуш,
Нехан бераш ойлане а йахана,
Хьеста ца лаьахь хьо къанлуш,
Дуьне дай лестадайта, цхьана,
Вайн доьзалан йоьвхо д1алуш.
Д1алелха денош дайта дагара,
Вуон-дика шин декъе доькъуш,
Ма хила аьрха, ма даккха гара,
Зезаганна тача безам лоьхкуш! (С) 30.08.22.
Свидетельство о публикации №123032208117