Сан безам!
Вай мерза гергарло дицдина ма хета,
Ма хила шийла, буьйда синош дохуш,
Аьтто бацара, жимма а хьоьхха кхета.
Сатуьйсу ас хьуна г1айг1ане къоьжуш,
Хьан тамехьа сибат ду, дагчу диллина,
Безам ца лечкъало х1уна т1ехьоьжуш,
Даима а ду сан дог, хьуна д1адиллина.
Ч1епалгаш д1авехча, мерза хьестарха,
Хингалашна а т1екхаьшча, барха хама,
Йоьххьаш-ба1араш а хийра ца хетарха,
Хьан дарж лоцура дац, царах цхьамма.
Дато бутт гучубаьлла, тийна белабелла,
Седарчий лепа доьлча вовшах а кхетта,
Хьо соьга хьоьжу аьлча вог1у сихвелла,
Сан безам, Жижиг-гала, хьуна маркхета! (С) 01.11.22.
Свидетельство о публикации №123032003549