Тера хила
Тахана шайна долчунна пусар а ца деш,
Малх хилча сахьийза неха дог1а доцуш,
Йочана йолуш, маьлхана са а гаттадеш.
К1айчу 1ай сатуьйсу аьхкенан къайлахь,
Б1аьста дагалоьцу йалта кхиъна гуьйре,
Аьхка дог дог1у керча, к1едачу лайлахь,
Гурахь лоьху г1енах, б1аьстенан 1уьйре.
Иштта ойланийн кеп д1айов, лар йоцуш,
Эхь-бехко хаттахь, дуьненчу стен веъна,
Диний алахь, адамаллийн хьакъ кхочуш,
Нахан х1ун делла, мелла ни1мат деъна?
Лаьа стаган тера хила, стиглар седанах,
Акха берзах масал дина, 1ехабеш хетам,
Буй техьа т1еххазчу, доккхачу дуьненахь,
Цхьаннен а адамах тера хила синкхетам.
Панамахкан ламасташ д1а ма леца атта,
Гулхалкъах тера хилча, самукъадуьйлуш,
Хьо мила ву дагалаца цавашар д1ататта,
Кортабетта ц1у ма леха, тиларе вуьйлуш! (С) 05.04.22.
Свидетельство о публикации №123031705248