Аьрзуш
Йожайан масар, топ белшах тесна талла,
Хьуьнан варшашкахь, т1уьначу бен чохь,
Аьрзун ши к1орни гира, хьоьгуш мацалла.
Экаме къинхетам, ч1ог1а карзах а баьлла,
Ц1а даьхьира буо-чанталш дохдеш четахь,
Цхьаьннах Нийсо, вукхунах Бакъо а аьлла,
Ц1ерш тиллин кхиазхошца 1аш ву бертахь.
К1иллонан пхьагал, йамартлонан чаг1алкх,
Ца кхоош леладо к1орнеш вела а къоьжуш,
Тахана а воьду йоьг1а, цхьогалан таг1алкх,
Тешаме г1аролхой бу, со ц1аваре хьоьжуш.
Бакъо йуьйцуш хезанаьхь, из ганза велахь,
Нийсо лоьхуш хьийзахь, ойланаш коьртахь,
Цаьрна тъекхача хьоьгуш, синлаам белахь,
Гур ду и шиъ цхьаьна маьрша вайн кертахь! (С) 22.10.22.
Свидетельство о публикации №123031607965