Дош!

Сатоссуш хин йисте ву тийна лаьтташ,
Айса зудайалийна дагалоьцуш суьйре,
Шо хьалха кегийра дог1а дара детташ,
Можа г1а-патарш легош текъар гуьйре.

Шовдане хьийзара йо1, йоьхна  ч1ог1а,
1уьрг даьлла шен к1удал йуьза ца луш
Бегаш бира ас, нагахь цуо  алахь йог1а,
Къовлур йуь шира гуьмалг т1ус буллуш.

Тийжам шен сацийна цецйолуш г1ехьа,
Йоьг1ура йуь-кх аьлла иза йелайелира,
Дош лахь цкъа а ца йаг1ийта хи кхехьа,
Ойланза сихавелла, цунна  дош делира.

К1ордийна буса, хит1а кхерста лечкъаш,
Лаьар йицйалийта, г1алатваьлла суьйре,
Дара и шо хьалха, дог1а дацара лекъаш,
Цхьанне а ма гойла, дош даьхьна гуьйре.

Ширачу ц1еста к1удална, вац къадоьхуш,
Сихалла дика йоцийла-м зеделла, кхетта,
Ша йаг1ийта хи дан, доьху зудчо, йолхуш,
Амма делла дош дохор, дуьне дохар хета.

Кхин бийра бац шовдан йистехь, ас бегаш,
Ларбийра бу сайн мотт, ца хоьттуш х1унда,
Къайлахь хиш ца кхехьа борз санна тебаш,
Йалор йуь, дош лардархьама, шолг1а зуда! (С) 16.10.22.


Рецензии