Ойланаш!

Ма йийла седарчийн стигала,
Ойланаш, сан каде гиланаш,
Тем боцуш коча г1ерта бала,
Дагалоьцуш хьоме лаьмнаш.

Даймохк болучу аг1ор, айаве,
Ламанан некъашца, вадавеш,
Шовданан ц1енчу хих 1абаве,
Зезагийн тог1ийчохь сацавеш.

Лаьа баьццарчу бай т1е вожа,
Баппаш кара-мара хьерчадеш,
1аждарбецах йоьккхуш хьожа,
1ийжачу сингаттаман тем беш.

Дикаха мохк бац соьга хаттахь,
Ма ирс ду-кх иза болуш хьаста,
Дагахь вац Дай баьхна лаьттах,
Дуьнено эккхийча а, д1акъаста! (С) 10.03.2022.


Рецензии