Ненан мотт

Ненан мотт буьйцу, даима а хазахетарца,
Т1ебожийна дестенан мотт 1амарха атта,
Бекна болун лерг хьостуш аганан эшарца,
Жовх1ар санна хаза мотт ас д1а ца  татта.

Мела д1алуш Ненан х1ора 1уьйре йоьлча,
Хастам бо, аганчу дилларна  деза совг1ат,
Нохчийн мотт бийца, улле цхьа а ца хилча,
Г1айг1ано дог доьхку ца доккхуш парг1ат.

Нана дуьхьала х1уьтту кест-кеста г1енаха,
Жен-нехчий сискалий, сан буйнах йуьг1уш,
Коьртах куьг а хьоькхуш, сатесначу хенахь,
Бераллехь санна шеца со асар  дан вуьгуш.

Маца дог1у-те де, хьоме Ненан маркхеташ,
Йуь из со йалцмане вар хьоьжуш ша йолчу,
Хьодур ву хан йеъча стигал ирсе суо хеташ,
Даймахкан гена мел волу, дог дужуш холчу! (С) 09.11.22.


Рецензии